Макка Межидова: Лаьттар ю, текст песни, слушать мп3, даром скачать на космической скорости.


Мы очень рады тому, что вы зашли к нам. Вы, вероятно, интересуетесь песней Лаьттар ю в исполнении Макка Межидова, потому что именно эта песня расположена на этой странице. Есть плеер для прослушивания в мп3 формате, есть и кнопочка скачать, чтобы очень быстро получить песню себе на компьютер, ну и естественно есть текст песни, для тех кто не может себе представить прослушивание без подпевания. А чтобы полностью погрузится в атмосферу песни, есть так же и видео с песней, которое наверняка должно вам понравится.

Добавлено: 2015-05-07

Произведение: Лаьттар ю

Артист: Макка Межидова

Голоса: 0

Длина: 04:46

Просмотры текста песни: 621



Скачать mp3 с песней

Загрузка...

Прочие песни артиста Макка Межидова


Полный текст песни:

Лаьттар ю хIоккхахь

Кхолламо готтачу
Дуьненан чухчари хьийзош,
Йилбазийн пIелгаша,
Ирйина, ка-мIараш къийзош,
ДегIаха дIакъасто
Йисина син-оьзиг ийзош,
Яьхнера Нохчийчоь,
ТIехь доцчу къиношна хьийзош.

Шалхонца кхийдачу
Шеконех синхьаам боцуш,
Лергдиллал тешамца
ЛадогIа цхьа кхане йоцуш,
Яхьйолчу дегIах чекх
Луурийн сагайтар доцуш,
Яьхнера Нохчийчоь,
ТIекховда къинхетам боцуш.

Стигланийн шораллехь
Кхозучу хьан тхевнах лета,
Баланийн буйнара даьллачу
Сина ма-хетта,
Хьан ойла хьаьстина,
Лепар ду седарчийн бIаьргаш,
Лам-корта айбина,
Хьо маьрша хьожур ду цаьрга.
Хьан ойла хьаьстина,
Лепар ду седарчийн бIаьргаш,
Лам-корта айбина,
Хьо маьрша хьожур ду цаьрга.

Болатан тIум хилла,
Дехчинчу дегIан садетташ,
Дилхала йийшина,
ХьегIачу чевнийн даI Iеткъаш,
ХьогIан бIаьрг боьгIначийн
Сатийсам кагбина, лаьтта
Нох тассал – кхин доцу –
Турпалчу Даймехкан латта.

Малхбале, малхбузе,
Букъ сеттош, суждане хIуьтту.
Хьан сийдеш, дуьненан
Кийрара довха аз гIуьтту,
Къийсаман аганахь
Къонахий кхиийна латта,
Хьан дегIан кхолламан
ДIадевлларш ца хилла атта.

Стигланийн шораллехь
Кхозучу хьан тхевнах лета,
Баланийн буйнара даьллачу
Сина ма-хетта,
Хьан ойла хьаьстина,
Лепар ду седарчийн бIаьргаш,
Лам-корта айбина,
Хьо маьрша хьожур ду цаьрга.
Хьан ойла хьаьстина,
Лепар ду седарчийн бIаьргаш,
Лам-корта айбина,
Хьо маьрша хьожур ду цаьрга.

Зевнечу иллеша
КIажаршца дуьйцина кочар,
Хьакъдина, замано
Уллур ду хьан дегIан коча.
Урд хиллал – кхин йоцу –
Нохчийчоь даима хIоккхахь
Лаьттина, лаьттар ю
Доьналлехь дуьненал йоккха!

Стигланийн шораллехь
Кхозучу хьан тхевнах лета,
Баланийн буйнара даьллачу
Сина ма-хетта,
Хьан ойла хьаьстина,
Лепар ду седарчийн бIаьргаш,
Лам-корта айбина,
Хьо маьрша хьожур ду цаьрга.
Хьан ойла хьаьстина,
Лепар ду седарчийн бIаьргаш,
Лам-корта айбина,
Хьо маьрша хьожур ду цаьрга.



Видео:

Макка Межиева »» Нохчийчоь . д,аз -видео.



Блок комментариев:

Форма комментирования



Код против роботов: